Автор Тема: www.nazma.se  (Прочитано 2989 раз)

0 Пользователей и 1 Гость просматривают эту тему.

Оффлайн Salâh ad-Dîn Yûsuf

  • Новичок со стажем
  • **
  • Сообщений: 139
  • Карма 25
  • Уважение: 0
www.nazma.se
« : Ноябрь 02, 2011, 12:28:34 am »
  • Publish
  • 0


    Цхьана дийнахь...

    Мел велларг, мел вайнарг кхайкхина,
    Валанза мел виснарг айкхвина,
    Цхьа ловзар хIоттор ду ас цхьана дийнахь.
    Со вер вац даима... даима тезетахь Iийна.

    Тхьамдалла хаор ву сайн луьра мостагIа,
    Ловзаран човс хир ву сан деган доттагIа,
    Вотанча хаор ю сайн синна бIоста хан,
    Пондарча хаор ю... хаор ю синтеман моттаргIа..

    ...Ловзарга йогIур ю, ца ешаш яьлла,
    Со вуьтуш дIаяхна Iожаллин гIайгIа.
    Цкъа а шен дахарехь хелха ца ваьлларг,
    ГIоттур ву, боларца доьжна дог айа...

    Ас цуьнца долор ду ког шершон хелхар.
    И хелхар ца кхачош, бIарзлур ву мостагIа
    Къанлур ву доттагIа, къарлур ю бIоста хан,
    Лекъар бу дуьненчу валаран белхам...

    дешнаш Бисултанов Аптин
    мукъам Келоев Iийсайн




    Сан дагалецам

    Сан дагалецам, хьо хетало шатайпа оти,
    Кораш а долуш сан сина тIе дерзийна нийсса.
    Кхетаман бIаьргашна тишделла хьайн куц а дотий,
    ДIахIутту цкъацкъа хьо сан даг тIе сингаттам тийса.

    Хьан цIенкъахь лаьттачу тийналлин шийлачу пеша,
    Шераша, "хIуп" бохуш, кегайо сан ирсан овкъарш.
    Хьан массо сонера, Iийдалуш, байттамал леша,
    ТIе гезгамаша а тесна Iа къоналлин шовкъаш.

    Лилхина ерриг хьан тхов тIера безаман гериг.
    Ма дуьра ду хIинца цунна чекх мел долу ладар.
    Цкъа цхьана заманчохь ма иштта дацара дерриг!...
    Ма атта нислора хьуна чохь шиннах цIе латар!...

    Делахь а, сан дагалецам, хьоь цхьа дехар ду сан-м:
    Сих ма ло тIекхета, сан кхиэлан тIаьххьара хIусам...

    дешнаш Юсупов Iилманан
    мукъам Келоев Iийсайн






    Ойланийн тийналлехь

    ТулгIеша, эсала ловзадеш,
    IиндагIаш дIакхоьхьу цхьанхьа,
    Аьрцанаш набарна товжадеш,
    Батто нур Iенадо цхьалха.

    Хетало, сел сирла - маьршачу
    Буса кхин хIун оьшу олий,
    Амма дог Iуьйренаш яьржаче
    ДIадоьду, некхера долий.

    ДIадоьду, тIам къагош сийналлехь,
    Дош дуьтуш гIенашца диекъа,
    Синошна семачу тийналлехь
    Къорачу кхокханах дека...

    дешнаш Бисултанов Аптин
    мукъам Келоев Iийсайн







    Нохчийчохь гуьйре

    Даймехкан дагна гел хьийзайо гIаргIулийн назмано.
    Адамийн ойланех шар-шарахь юцалуш ю и.
    И шайна ма-хеззи, сан шераш боларна даз ма ло,
    Набарна оьгу уьш, сан Iалашонаш а юий...

    ГIаш оьгу, шабарийн белашца гуо охкуш тийналлин,
    Шайн къорза барзакъаш лаьттахь а муха тов хьажа.
    БIаьрг баса баккхарал совнах шен бIаьрлачу сийналлин,
    Стигало-м хебадо тIехь маьлхан нур даьгна хьаж а.

    Мархаш ю - билхина маьлхан бIаьрг бакъабен йовлакхаш.
    Уьш хIинца бIаьрхиша язйина, ай ма-ллу ю-кха.
    Йочане ойланаш, со везачо шу ма йойла-кха,
    Со-м хьийза вой аша, коьрте а хьийзаш юкъ-юкъа.

    Дехкаша нох дохуш санна ду шур-шур дар дерзано...
    Дохк муьйлу лаьтто - ша лам оьзна, яьккхина шура.
    Кхоьлина денош бен ца уьйзу гуьйренан терзано,
    Ду иза сан бIаьргийн нур оза ца дашшал кура.

    Хьан хIуонехь хIун алий, даккха ас сайн ирсан самукъа,
    ТIаьхь-тIаьхьа шийлачу хаспашка марзделла Iалам?
    Генна дIа кхийсахьа гIайгIанан герканаш цкъа мукъа,
    Хьо чIанадоллушехь горбоьду сан бIаьргийн тIалам...

    Мехашца техкабеш гаьнгали сан хазахетаран,
    Хаахьа, буй иза аса хьайн сеаларх бина.
    Ахь суна тIехула лаьцначу стигалан четаран
    Бос мухха белахь а, аьхна бу даим сан сина.

    Сан са бен хьайн кхача бацахь, и ца бууш аз ма ло,
    Дахкарла хьерчаеш мажъелла хьайн бецийн чуьйраш...
    Даймехкан дагна гел хьийзайо гIаргIулийн назмано,
    Сирлачу гIайгIанан хих йохуш адамийн уьйраш...

    дешнаш Юсупов Iилманан
    мукъам Келоев Iийсайн





    IиндагIаш

    IиндагIаш - царна а ма деза вовшийн,
    Бесачу, даима шийлачу царна,
    Амма шаьш кхоьллина цхьа малх дIабовш бен,
    Марзонан хама бан-м ца хаьа царна.

    Цкъа цхьана дитта тIехь дезначу вовшийн,
    Вовшийн мутт мийлинчу цу шина генах
    Дисинчу IиндагIийн, мох меттаххьовш бен,
    Вовшех ца хьакхало догIмаш я гIенаш.

    Я АллахI ма марзо хила а еза-кх
    Цкъа вовшийн дохдина доцучу церан!
    Ма дагахьбаламаш хила а беза-кх
    Доьдучу хи тIе чуэгначу церан!

    Эсалчу, экамчу марзонан шовкъехь
    Дегадар, эгадар бу церан мотт а,
    Шайний бен къайле ца евзачу зовкхехь
    Ца эшар кхин цхьа а меттар я моттар.

    IиндагIаш - царна а ца лаьа хIинца
    Бузучу цу малхе хIумма а хетта -
    Эгадеш марзонан хIора а цинцах
    Вай а вайн IиндагIаш хиларх со кхетта.

    Цу дакъаделлачу диттана тIера
    Ларамза генийн иэс цкъа меттахдалахь,
    Меттаххьов, IиндагIийн санна, сан кхерам -
    Там бара со царел хьалха дIавала!

    дешнаш Бисултанов Аптин
    мукъам Келоев Iийсайн




    Нохчийчоь


    Бeттaсa лekxaчу буьйсaнaн k1oргeнexь

    1индaг1a дaздeлчa, мeттax цa вaллaл.

    Цxьaлxaчу oйлaнo, бaрт xaттaр k1oрдийнa,

    Сa мaьршa дуьту сaн, цkъa нoвkъa вaллaл.

     

    Бeллaчу дoттaг1ийн 1индaг1aш дoьлxучe,

    Тoьллaчумoстaг1ийн г1aлaртaш дoвчe.

    Цkъa a мaлx цa гинa м1aьргoнaш йoьлxучe,

    Сo kxaчa xьaьгнa ву, дaшнa дoш тoвчe.

     

    Хийлa сaтийсинчу дokkxaчу дeзaрнa,

    Эxxaр a x1aрa нekъ юьxьaрa лoцуш.

    Сaн-м вeлxa x1ун дaрa, шa дитa дeзaрнa,

    X1aвaэxь лaм тexka Нoxчийчoь йoцург.

     

    Сaн-м дитa x1ун дaрa, цxьa нeнaн пekъaр бeн,

    X1усaм бeн сeрлoнaн г1oнжaг1exь лaьттa.

    X1oрa a сaн г1aлaт дaггaрa дekъaлдeн,

    Цxьa чурт бeн, дeн koшaн г1овлaнгaxь лaьттa.

     

    Axь x1инцa вoьлxу вeрг вeлxaвe xьaйнkъиннa,

    Xьeвзa вeрг xьoвзaвe, дуьнeнaн xaзнa.

    Стиглaрa вoьссинa, koшaрa kxaйkxинa,

    Xьунa x1ун бeн ярa, дaxaр,сaн нaзмa.

     

    Сунa x1ун бeн дaрa: aгaнaш, koxkaрш a,

    Тутмakxaн г1oьмaш a - виxkинa лaттo.

    Сунa x1ун xьeм бaрa: ц1e йoцу мoxk, kaш я

    Бoрзaнa чурт цa тoв дakъaзa лaттa.

     

    Сeл kъaьxьa, дуьнe, вaй вoвшaшнa дoвзaрнa,

    Xьунa ду-kx т1aьxxьaрa сaн дaрe дaр a.

    Дekъaзa xиллa сo xьaн мaрзo йoвзaрнa,

    Дekъaлa xиллa сo Нoxчийчoxь вaрнa.


    дешнаш Бисултанов Аптин

    мукъам Келоев Iийсайн



    Даймахкахь Iуьйре


    Кхозлаг1чу борг1алийн аьзнашла лестина буьйса.
    Iуьйкъенан б1арлаг1а тоххарехьламчу тилла.
    Т1уналло т1ера лар хуьйдина тача ду куьйса –
    Шовданан корта цо тховса а ларбеш хилла.

    Ламанца мустъелла дахкаран етташура.
    Боьранийн лергашка тийналло биллина бамба.
    Г1енаша боддинчу г1аша до дайн шур-шураш,
    Ша беша луьйзу ког мох г1ерта ма-хуьллу байбан.

    Набаран буржалша д1амалди к1айн сатасар.
    Варшахь тхи диллина. Луьста буц техкаре яьлла.
    Наштаран баттана гуо баьхна сан сатийсар,
    Анайист айъинчу Iуьйренца эшаре даьлла.

    Зезагийн б1аьрсине къастало маьлхан з1аьнарш.
    Уьш а ю сихъелла стигалан ездари дара.
    Лечанан бенчуьра еттало йовха Iаьнарш,
    Хьекъабеш Iуьйренан х1аваан йовхонанбарам…

    Ангалин жарж шайна т1ехула баржийна бецаш
    З1аьнарийн пхьаьрсаш т1ехь баьццара чоьш хилла тий…
    Илли а товш ду-кха Даймехкан Iаламнадецаш:
    И-м сих д1акъаьстина, Iаламан аьзнех д1аий…

    дешнаш Юсупов Iилманан

    мукъам Келоев Iийсайн

     



    Хьо йогIу ларйина...

     

    Со волу юха а ахьсуна бихкинчу новкъа,

    Дегбаам, деглазамбитина хиллачийн тIаьхьа.

    Сан болар гIийла дусихачу дахаран шовкъехь,

    Хьан деган Iома чу Iенашю сан г1айг1а къаьхьа.

     

    Хьо йогIу ларйина, бIешершцаюьстина зама,

    Ас юха ца йоьху,чекхъели и мIаьрго хилла.

    Ткъа хьуна атта дусох даьлчу гIалатах Iама.

    Хьо цкъа а лелар яцхьайн ирсан некъа тIехь тилла.

     

    Суна кхин бен адац…ЙогIур яц кхул шийла суьйре

    Хьан маьлхан йовхонахIаба ца кхиъначу синна.

    Сох дага ва юьйлушйоьлхур ю и дашо гуьйре,

    Сан деган лазамехдесачу хьан коре хиъна.

     

    дешнаш Арсалиева Любин

    мукъам Келоев Iийсайн

     


    Facebook Comments